25-г1а апрель — Нохчийн меттан де!

Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указаца д1акхайкхина 25-г1а апрель, нохчийн меттан де ду аьлла. Х1инца 14-г1а шо ду и де Нохчийчохь хилла ца 1аш, дуккха а кхечу меттигашкахь а даздеш долу.

Мотт – иза муьлххачу а халкъан истории ю, иза цуьнан хиндерг а ду. Мотт д1абаьлча, халкъ а д1адолу. Матто лардо халкъан васт, цуьнан амалш, г1иллакхаш, ламасташ.
Цундела вайн декхар ду т1екхуьучу т1аьхьенашкахь ненан матте безам кхиор, и царна 1амор. «Шен Даймахке ц1ена,  даггара безам хуьлийла дац, шен матте безам ца хилча. Нохчийн мотт вайн историх, къоман башхаллех, г1иллакхех, культурех д1акъасто йиш йоцу дакъа ду», -аьлла билгалдаьккхина Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийн мотт кхиош, оцу маттахь произведенш язъеш, халкъан кхолларалла д1аязъеш, къахьегна нохчийн дуьххьарлерчу яздархоша: Нажаев Ахьмада, Сальмурзаев Мохьмада, Дудаев 1абдис, Айсханов Шамсуддис, Бадуев Са1ида, Мамакаев Мохьмада, Мамакаев 1арбис…

Цара д1адолийна г1уллакх сийлаллица кхид1а а даьхьира г1арабевллачу яздархоша Сулейманов Ахьмада, Айдамиров Абузара, Арсанукаев Шайхис, Окуев Шимас, Дикаев Мохьмада, кхиболчара.

Ненан меттан маь1нах лаьцна иштта аьлла Абдурахманов Дукхавахас: «Нохчашна шайн историн йохаллехь дуккха а хала киртигаш т1еяьхкина. Царах уггар ирчачех цхьаъ яра – дерриге халкъ махках даккхар. Оцу къизачу 13 шарахь нохчийн халкъ халонашка, баланашка, лазамашка ца дитийтинарг – ненан мотт бара. Вовшашка долу кехат нохчийн маттахь бен яздеш дацара, цуьнца цхьаьна лардеш дара вайн дайша лелийна 1адаташ, г1иллакхаш».

Нохчийн мотт

Вай атта дахар
Деле ца дехна,
Харцонах уьдуш
Гечо ца лехна,
Ворх1 ломал дехьара
Ирс эшна дац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Даймахках лаьцна
Вай илли олу.
Вайнехан ийман
Цунах схьадолу.
Дайн иллеш ца декахь,
И Даймохк бац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Воккханиг хасто,
Жиманиг нисван,
Бакь луьйриг къасто,
Г1алаташ гечдан,
Къонахчун дош лардан
Ма атта дац.
Нохчийн мотт, хьо бацахь,
Тхо данне дац!

Вайн дахар хаздо,
Вайн ойла язйо
Бекачохь оьзда
Нохчичун мотт!
Хиндолчух тешош,
Г1иллакхаш дебош,
Бека хьо даим,
Сан ненан мотт!